陕西:民营书业成立发展基金 解决融资难等问题
Бага | |||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
![]() Бага. Ша лаьттачу диттан йукъара кеп | |||||||||||||||||||||||
?илманан классификаци | |||||||||||||||||||||||
йуккъера рангаш
|
|||||||||||||||||||||||
Дуьненайукъара ?илманан ц?е | |||||||||||||||||||||||
Pinus L., 1753 | |||||||||||||||||||||||
Номенклатуран тайпа | |||||||||||||||||||||||
Бухара тайпанаш | |||||||||||||||||||||||
Ареал | |||||||||||||||||||||||
![]() |
|||||||||||||||||||||||
|
Бага (лат. Pínus) — Баганан (Pinaceae) доьзалера баганан диттийн, коьллийн тайпа.
Баганаш — нисса мутовкин шина тайпана — деха а, доца а, геннаш а, зуьгалш а долу ораматаш. Бага хуьлу доца зуьгалш т?ехь. Доцучу зуьгалш т?ера баганан к?охцалийн барамца баганаш декъало шинабаганан, кхаабаганан, пхеабаганан.
Таханлерачу хаамашца, йу 130 гергга баганан кеп[2], уьш ?аламехь кхуьу дерриг Къилбаседа эхиг экватор т?ера, Полюсан дехье кхаччалц. Бараман а, субарктикин а климатехь царех лаьтташ хьаннаш хуьлу аренашкахь а, лаьмнашкахь а, ткъа субтропикин а, тропикин а климаташкахь кхуьу экваторан гергахь, алсама лаьмнашкахьх, х?етте аренашкахь а кхуьу, масала, карибан бага.
Ботаникин сурт х?оттор
[б?аьра нисйан | нисйан]Баганаш — гуттар сийна, силам алсама болу дитташ (дукха хьолехь ч?ог?а даккхийра, к?еззиг кегийра, наггахь коллаш санна).
Баганан зуьгал, кедрийн, зезнийн, харцзезнийн санна, шина тайпана ду: деха а, доца а. Дехачу зуьгалшна т?ера г?аш боьра а, пелагаш долуш а ду. Доца зуьгалш т?ера г?аш 5—9 см деха, к?охцалгаш долуш, лаьтта курсашкахь шишша—пхиппа, бух т?ехь гуо бина ч?ураман вокано. Курс йукъахь долчу г?ан бараме хьаьжжина баганан тайпанех олу шик?охцалниг, кхок?охцалниг, пхик?охцалниг. Иштта, ма-йарра бага (Pinus sylvestris) а, х?урдйистера бага (Pinus pinaster) — шик?охцалниг, сибрехан бага (Pinus sibirica) а, японин к?айн бага (Pinus parviflora) а — пхик?охцалниг, Бунге бага (Pinus bungeana) — кхок?охцалниг[3]. Зуьгалш т?ера г?аш лаьтта масех шарахь. Наггахь, сагалматаша йохайар бахьнехь, баганан т?ехь кхуьу розеткин зуьгалш. Иштта зуьгалш ч?ог?а йоца хуьлу, доца а, шуьйра а к?охцалгийн курсаш хуьлу.
Боьрша стробилаш гулйина къоначу геннийн бух т?ехь кан кепара. Дургалан т?оьрмигаш делало дохаллехь дет?ий. Стен стробилаш хуьлу диттан лакхарчу декъера б?араш чохь.

Б?араш х?оан кепара йа дехо, дукха хьолехь олладелла, ткъа кхиина даьлча дуьззина охьадужуш хуьлу. Уьш лаьтта гераган кепара дехкина дечиган йа ц?оканан, сенаш болу турс кепара чаккхенгахь стомма дина стоьмийн пелагех. И пелагаш йуьхьанца луьста т?етт?атаь?на хуьлу, дуьззина кхиича д?асадоьду, х?уш гучу а дохуш, уьш лаьтта х?ора пелаган дуьхьала шишша. Х?уш доккхачу декъехь т?емаш долуш, наггахь доцуш, б?ар кепара ч?ог?а ботт йолуш. з?ийдигехь хила тарло 4 - 15 х?ун дакъа.
Даржар
[б?аьра нисйан | нисйан]Ареал йаьржина Полюсан дехьера экваторан к?ошташка кхаччалц. Бага дуьненахь уггаре дукха даьржина диттех ду, т?аккха а шен барамца (диттийн барамца) а, хьаннийн майданца а к?езиг ду зезнел. Ареалан йерриг дуьненан майданца баганан дитташна йукъахь хьалхара меттиг йоккху, ткъа дерриг диттийн тайпанашна йукъахь цул сов ду дак, маъ, талл, дакх. Россехь тайпа гайтина 16 акха кхуьу а, 73 диллинчу лаьттан интродукци йина баганаша[4].
Россехь а, луларчу мехкашкахь а акха кхуьу кепех, уггаре боккха тидам бан беза мА-йарра баганан (Pinus sylvestris L.). Иза 40 м гергга лекха доккха дитт ду, жима долуш пирамида кепара кондарш йолуш, къанделча четар кепара. Баганан к?охцалш лаьтта шишша цхьаьна, лахахь таь?на-баьццара, лакхахь айсина-баьццара басахь, дукхаха дерг 4—5 см деха. Чкъор ц?ен-боьра. Б?араш (къонанаш) конусан кепара, церан пелагийн турс ромбан кепара хуьлу. Х?уш беха т?ам болуш.

Бага ч?ог?а даьржина Россин йерриг къилбаседехь, доккхаха долу дакъа Сибрехахула, хуьлу ц?енна баганан хьаннаш а, кхин а ийна базанца а, кхечу тайпанашца а. Баганан хьун алсама хуьлу г?амаран латта т?ехь а, тархийн субстрат т?ехь а. Киевхула чекхйолучу асанан къилбехьа, цул т?аьхьа Ока эркаца Цна эркан хикхоче кхаччалц, цул т?аьхьа Казанехула а, Камин а, К?айн эркашна дохаллица Уфа кхаччалц бага к?езиг хаало, киран басешца кегийра боьлакаш йеш, кхин а г?амарш т?ехь. Тардолуьйту оцу меттигашкахь бага хьалха йаьржина хилар, х?инцачул алсама, амма т?аьхьа уьш д?айевлира климат йохйалар бахьнехь. Каменец-Подольский, Днепр, Саратов, Оренбург г?аланашна къилбехьа аренашкахь йац бага, амма йуха а гучуйолу Кавказехь, цигахь иза кхуьу дукха меттигашкахь. Иза наггахь хаало къилбаседа Туркестанехь, Кокшетау, Каркаралы лаьмнашкахь, малхбалехьа Сибрехахула кхочу Тийна ?апказ т?екхаччалц. Красноярскан махкахь бага гайтина кхаа кепо: кулундински (Минусинскан хьаннаш); сибрехан (мехкан к?оштийн алсама йу), лапландин (62° къ-с.ш. къилбаседехьа).
Коьртаниг Сибрехахь йаьржина баганан кхин кеп, — Сибрехан кедр (Pinus sibirica Du Tour). Амуран областехь гучуйолу баганан кхоалг?а кеп, иза хьалхарчун гергара йу, — Корейн кедр (Pinus koraiensis Siebold & Zucc.), цуьнан алсама озийна б?араш а, х?уш а хуьлу.
Малхбален Сибрехахь, Байкалдехьара Камчатке кхаччалц, Якутера а, Колымара а Амуран областе, Хабаровскан а, Х?ордайистан а мехкашка кхаччалц ч?ог?а йаьржина цхьа жима баганан кеп, цуо гойту ?кедр миниатюрехь?. Иза йу Кедран стланик (Pinus pumila Regel). Иза ч?ог?а гергара йу сибрехан кедран, амма йерриг цуьнан меже дуккха а кегийра йу. Башха г?очу хьолехь иза метрал лакха ца йолу. Шен популяцехь малхбален Сибрехан лаьмнашкахь а, аренашкахь а кхуллу къух, кхуьу ч?ог?а луьста, новкъахой лела г?аш а, сайнаш т?ехь а оцу диттан кондарш т?ехула. Малхбален Саянан а, Алтайн а лекха лаьмнашкахь хаало сибрехан кедран стланикан кеп, иза дукха хьолехь тарло кедран стланиках.
Баганан къилба кепех цхьаъ — Г?ирмин бага (Pinus nigra J.F.Arnold), Г?ирмин лаьмнашкахь цара кхуллу боьлакаш, цхьаццанхьа хаало Кавказехь а. Г?ирмехь кхуьу акха а, культурин а бага (дукха йу адамо д?айийна а). Хуш дуу мерза кхача санна.
Ша-кепара кондар йолу Италин пини (Pinus pinea L.), кхуьу Латтайуккъера х?ордан областехь Мадейрин т?ера Кавказ т?е кхаччалц.
Ламанан бага (Pinus mugo Turra) кхуьу лаьмнийн цанийн асанан областашкахь Пиренейшкара Кавказе кхаччалц.
Къилбаседа Америкин малхбузен декъехь даьржина Можа бага (Pinus ponderosa Douglas), иза уггаре шуьйра даьржина а, сих-сиха хаало а Къилбаседа Америкин бага ду. Иза дуьненахь уггаре лекха баганех цхьаъ ду, 81 метр лекха дитташ а девза.
Шен даккхий б?арашца (йуккъера барам 25-50 см, наггахь 66 см деха) къаьста Ламбертан бага (Pinus lambertiana Douglas), иштта даьржина Къилбаседа Америкин малхбузен декъехь. Иза а ду баганехь уггаре лекха, локхаллехь кхочу 82 метр. Оцу кепан силамца алсама шекар ду, цундела цунах Америкехь шекаран бага олу.
Оццу регионехь (Колорадо, Аризона, Нью-Мексико штатийн лаьмнаш) хаало Кенаш долу лаьмнашна йукъара бага (Pinus longaeva D.K.Bailey), дахаран рекорд йолу дитт: девза 5000 кхаччалц а, сов а зама йолу дитташ.
Къилбаседа Америкин малхбален декъехь кхуьу сибрехан кедрах тера долу, амма нийса а, ховха к?охцалг долу а Веймутан бага (Pinus strobus L.). И дитт локхаллехь кхочу 50 м. иза долу Канадера Аллегане кхаччалц.
Америкин амалера кепаш йу кхин а Культеран бага (Pinus coulteri D.Don), Сира бага (Pinus sabiniana Douglas) Хьарчийна бага (Pinus contorta Douglas), кхин а.
Культиваци йар
[б?аьра нисйан | нисйан]
Бага ду ч?ог?а серло йеза дечиган тайпанех, амма т?аккха а дукха хьолехь хуьлу ц?ена доьг?на. Цуьнан бахьна ду, иза латтана уггаре экама доцуш дитт хилар, цундела иза кхуьу кхин дитташ ца кхуьу к?езга хьоналла йолчу латташна т?ехь а.
Иза доьзна ду баганан орамаш т?ехула даржарца, ораман система кхуьу дуткъа (1—2 м) лаьттан хьенан чкъоьрехь, г?амарш т?ехь а. Масала, Карелехь баганан хила таро йу шуьйра ораман система (даккхийн диттийн хуьлу цхьацца ораман зуьгалш 20 метр деха а долуш), уьш лаьтта 1 метр стомма бен доцучу чкъоьрехь. Ц?ена доьг?на баганашца дог?у латташ ду декъа г?амаран латташ, царна т?ехь кхуьу баганан хьун. Ишттачу хьаннийн башха амал йу церан цхьа хан хилар, иза кхетадо, уггаре к?езиг адам дехачу меттигашкахь а царна ч?ог?а ницкъ хилар хьаннаш йагар бахьнехь, атта х?у даьржаш, х?ора ц?ерал т?аьхьа, йуха а довлу цхьаьна хенара дитташ.
Баганан хьаннашкахь чутаь?на меттигашкахь баганех наггахь иэн ло дакхаш, к?айн маънаш, цхьацца дакаш; алсамо садаь?на латан т?ехь, алсама иэн ло тайп-тайпана г?а долу породаш, кхин а алсама латта т?уьна хилча баганца иэн ло, дукха хьолехь дикка ладаме барамашкахь, база, ткъа къилбаседа хьаннашкахь, кхин баганан тайпанаш а. Т?аьххьара, бага хаало корсаман уьшалш т?ехь, амма цигахь, иза ч?ог?а меллаша кхуьу, б?е шо кхаьчначу хенахь а жима дитт санна хуьлу, г?ад хуьлу цхьа вуьрша санна стомма. Алсама деба латтанаш т?ехь, царех уггаре диканиш ду г?амарийн латтанаш, иза дикка сиха кхуьу, цунах хуьлу уггаре сиха кхуьучу баганийн тайпанех цхьаъ.
Бага, баганан тайпа санна, йуха ца долу хушца бен, цундела пайден дац лакха г?ад долчу пайденна бен; дукха хьолехь дийна дитташ хьокху 80 – 120 шарахь, наггахь бен церан хан охьа ца йоккху 60 шере йа ойу 150 шере.
Баганаш сурт дилларан говзаллехь
[б?аьра нисйан | нисйан]-
Хьуьнан йист.
И. И. Шишкин. Гата, даьтта. -
Бага г?амаран т?ехь.
И. И. Шишкин.
1884. -
Мери-Ховехь шторм хиллачул т?аьхьа.
И. И. Шишкин.
1891.
Львовн говзаллин галерей. -
Ходогайн к?ошт, Токайдо тракт.
Кацусика Хокусай.
1830 шеран гергахь.
Бесара дитт т?ера гравюра. -
Сендзоку ?ам т?ера ?пхьош охкийна бага. ?Эдон 100 кеп? серера.
Хиросигэ. 1832.
Бесара дитт т?ера гравюра. -
Виль д'Аврэ т?е боьду хьуьнан некъ.
Камиль Коро.
XIX б?ешеран кхаа декъах шолг?а дакъа.
Даьтта, гата. 46×35 хьажа.
Шотландин къоман галерей. -
Берто бага. Сен-Тропе. Синьяк Поль. 1909. Гата, даьтта. СИПМ Пушкинан ц?арах, Москох.
Билгалдахарш
[б?аьра нисйан | нисйан]- ↑ Тайпанан хаамаш Pinus(ингалс.) терахьийн базехь Index Nominum Genericorum Ораматийн таксономин дуьненайукъара ассоциаци (IAPT).
- ↑ Виды рода Pinus Архивйина 2025-08-06 — Wayback Machine по данным The Plant List
- ↑ Жизнь растений, 1978.
- ↑ Орлова, 2005.
Литература
[б?аьра нисйан | нисйан]- Добровлянский, Василий Яковлевич. Сосна // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Сосна (род деревьев) // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- Кеп:Книга:Жизнь растений
- Бекетов А. Н. О влиянии климата на возрастание сосны и ели // Труды 1-го съезда естествоиспытателей в Петербурге. Отделение ботаники. 1868. С. 111—163.
- Орлова Л. В. Диссертация: Сосны России (Pinus L., Pinaceae): систематика и география. — СПб., 2005.
- Pinus // Flora of China : [англ.] = 中国植物志 : in 25 vol. / ed. by Z. Wu, P. H. Raven, D. Hong[d]. — Beijing : Science Press ; St. Louis : Missouri Botanical Garden Press, 1999. — Vol. 4 : Cycadaceae through Fagaceae. — P. 12. — 453 p. — ISBN 978-0-915279-34-0. — ISBN 978-0-915279-70-8 (vol. 4).
- Миглинский. Культура сосны. М.:, 1896.
- Колесов. Посадка сосны на песчаных почвах. Харьков, 1893; 2-е изд., 1900.
- Правдин Л. Ф. Сосна обыкновенная. Изменчивость, внутривидовая систематика и селекция. М.: Наука, 1964. 190 с.
- Проскурякова Г. Сосна // Наука и жизнь : журнал. — 1987. — № 2. — С. 157-160, 3 стр. обл..
- Тимофеев В. П. Старейший опыт географических культур сосны обыкновенной // Лесное хозяйство, № 8. 1974, с. 35-39
- Туллус Х. Х. Продолжительность жизни хвои сосны обыкновенной в Эстонии // Лесоведение, 1991. № 4. С. 89-92.
- Новицкая Г. Сосны для малого сада. // Цветоводство, № 1, 2008, с. 48—52
- С. Я. Соколов, И. П. Замотаев. Глава 9. Лекарственные растения, обладающие отхаркивающими и рвотными свойствами // Справочник по лекарственным растениям. — 1991. — С. 187—189. — 414 с. — 50 000 экз. — ISBN 5-615-00780-X, ББК 53.52.
- Critchfield W. B., Liftle E. L. Geographic distribution of the pines of the world // U.S. Department of Agriculture, Forest Service, Misc. Publ. 991. — Washington, 1966 (ингалс.)
- Jalkanen R., Aalto T., Kurkela T. Development of needle retention in Scots pine (Pinus sylvestris) in 1957—1991 in northern and southern Finland // Trees, 1995. № 10. P. 125—133.
- Jalkanen R., Aalto T., Kurkela T. Revealing past needle density in Pinus spp. // Scand. J. Forest Res., 1998. № 13. P. 292—296.
- Kurkela T., Jalkanen R. Reveling past needle retention in Pinus spp. // Scand. J. Forest Res., 1990. № 5. P. 481—485.
- Opiz F. M. Seznam rostlin kveteny ceske. Mala Encyklopedie Nauk. — Praha, 1852. — Dil. 10 (чех.)
- Mirov N. T. The genus Pinus. — N.-Y.: Ronald Press, 1967
- Gernandt, D. S. et al. 2005. Phylogeny and classification of Pinus. Taxon 54:29-42.(ингалс.)