中国城市综合发展指标出炉:武汉位居第11位


Балоз — ораматашна а, дийнаташна а йукъахь йаьржина липидийн маркхалш. Балоз дина липидийн молекулашна йукъа (тер ах?оттам болу махьаршах къаьстина) ца дог?у глицерин.
Ингалс меттан ламастехь балозаш хуьлуьйту балозех тер ах?уманийн шуьйра класс, царна йукъахь мехкдаьтта кхехкийна парафин а (деза к?ораводородан маркхал, дукхах дерг, асанан х?оттам болу дозанера мог?а). оццу хенахь Йоккха советийн энциклопедино ло ч?ог?а билгало, боькъу натуралан а, синтетикин а балозаш[1]. ЙСЭца парафин банне а бац балоз.
Балозийн амалш ло жима химин жигараллица, хин чохь ца беша, амма дика беша бензин, хлороформ, эфир чохь.
Схьабовларца балозаш бекъа мегар ду дийнатийн а, ораматийн а тайпанашка.
Балоз ?аламехь
[б?аьра нисйан | нисйан]Дийнатийн балозаш:
- Накхарийн балоз къаьста моз доккху мозийн башха ?ийдаргашца, царех накхарша до алхаш;
- т?ерг?анчо (ланолин) ларбо дийнатийн т?арг?а а, ц?ока а т?уналлех, бехдаларх а, дакъадаларх а;
- спермацет доккху кашалотан спермацетан даьттанах;
Ораматийн балозашаша дуткъа чкъоьраца къовлу г?аш, г?одмаш, стоьмаш, ?алашдо уьш хино т?адорах, дакъадаларх, зуламе микроорганизмех, наггахь резерван липидаш санна йукъадоьду х?ушна йукха (цунах олу жожоба ?даьтта?).
Дукхаха долчу ораматаша йоккху эпикутикулин балоз олух ?ума (и х?ума ган таро йу кела йаьхна наьрсашна а, даьхна хьечашна а т?ехь к?айн тача кепара). Эпикутикулин балозо йухатуху ультрафиолетови а, инфрац?ен а з?аьнарш, иза бахьнехь довза таро хуьлу Дуьненан ?баьццара? дакъош спутникан суьрташца.
Маь?данан балоз (озокерит) лаьтта коьртаниг уггаре дукха углеводородех.
Лелор
[б?аьра нисйан | нисйан]- Чиркхаш
- Йоттархьама лало моделаш кечйар, масала кепаш.
- балозан куьцашна дакъош кечдархьама (корта, куьйгаш, кхин а). Иштта балозан йукъа тоьхна х?ума хуьлу.
- Натуралан косметикехь — к?адалшна, хьакхарна, лубриканташна дукъдийриш деш, балдех хьокху басаран, онда дух?ин коьрта компонент
- Кхехкор.
- Мебель, дечиган х?уманаш, паркетан ц?енкъа, мармар заьнгал дарехь а, ?алашдарехь а лело лакан а, мастикийн а дакъа. Хууш ду, кхин а XII б?ешарахь Равеннин мозаикин ц?енкъанаш а, тхевнаш а къагадора накхарийн балозца. XVI б?ешарахь дуьйна Францехь (т?аьхьуо кхечу махкашкахь а) т?едиллина дара паркетна а, дечиган ц?енкъана а балоз хьакхар[2].
- Гемостатикин даь?ахкан балоз лелабо даь?ахк чура оьху ц?ий сацош, шуьйра лелабо нейрохирургехь. Дуьххьара кечбина XX б?ешо долалуш британин хирурго Горслей Виктора
- Балозграфехь оьшу (сурт дилларан говзаллехь) декъех цхьаъ.
- азйаздаран г?ирсийн — фонографийн валикашна а, дуьххьарлера дискашна а дуьллуш.
- Лыжашна хьокхуш, хохкуш дика шаршийтархьама а, сиха вахийтархьама а.
- Конкийн урс дика шаршийта.
- Балозашна регистраци йина кхачанан т?етухурш санна E901—E903, лелабо кхачанан сурсаташ ларйархьама а, ?алашйархьама а (масала, стоьмаш, нехчанаш, кемпеташ), ц?анонан г?ирсаш (масала, цергийн тайнаш), медицинин ?алашонна (масала, таблеткийн кепара дарбанан препараташ къовлуш), кхин д?а а.
- Цхьацца сетта лелха х?уманийн дакъа санна.
- Лавин стогарш кечбеш.
Хьажа кхин а
[б?аьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[б?аьра нисйан | нисйан]- ↑ Балози // Большая Советская Энциклопедия. 3-е изд. / Гл. ред. А. М. Прохоров. — М.: Советская Энциклопедия, 1971. — Т. 5. Вешин — Газли. — С. 377.
- ↑ Химия и жизнь: научно-популярный журнал Академии наук СССР.. — Наука, 1978. — 772 с. Архиван копи 2017 шеран 22 декабрехь дуьйна Wayback Machine т?ехь