您是否同意西安市根据气温情况灵活调整冬季供暖时间

Бойкот (инг. boycott) — политикин а, экономикин а къовсаман кеп, ерриг я цхьаьна декъехь цхьаьна стагаца, кхолларца, предприятица, масала, балха ца боьдуш, оцу предприятин сурсаташ ца оьцуш, кхин а йукъаметтигаш д?ахадаяр.
ВКЪКХ уставаца дуьненайукъара йукъаметтигашкахь — машар латторан цхьа нуьцкъала г?уллакх ду (т?еман ницкъаш а ца лелош). Пачхьалкхан ?алашо ю цхьаьна я масех пачхьалкхаца йукъаметтигаш ца лело. Бойкот ала мегар ду цхьаьнца цхьаьна х?уманна реза ца хиларна муьлхха а йукъаметтигаш сацорех. Дош даьлла ингалсан урхалчин Бойкот Чарльзан фамилех, цунна дуьхьала 1880 шарахь ирландин арендаторша и болх бира.
Г?араевлла бойкоташ
[б?аьра нисйан | нисйан]Дуьххьарчарех г?арайаьлла цхьа бойкот хилла ?бойкот? дош йукъа а далале, йина XVIII б?ешарахь Ингалсахь аболиционистийн боламо. Боламан декъашхой шекаран эрзах даьккхина шекар а, лайш бацийна дина кхин сурсаташ а даа дуьхьала бевлира, т?аьххьара тешийра лондонан серлонан доккхаха долу дакъа, шекарца чай малар — оьзда ца хилар. Оцуо юьхьиг йиллира 1833 шарахь Британин имперехь лолла д?адаккхарна.
Пачхьалкхан т?ег?анера дуьххьарлера формалан бойкот хилира, 1933 шеран 1 апрелехь нацистийн Германехь йина, дерриг къоман цхьана дийнан жуьгтийн фирмийн а, туьканийн а бойкот.
Бойкоташ сих-сиха лелайо къоман-парг?атдахаран боламаша а, гражданийн бакъонийн къовсамехь а. Масала, XX б?ешеран хьалхарчу декъехь, цийчоьнан къоман боламаша (4 майн болам, Гоминьдан, кхин а) диллина бойкоташ йора Японин сурсаташна, шеш Цийчоьнца йолу Японин империн политикин реза ца хилар гойтуш. Махатма Гандис 1921 шарахь, Х?инди маьршаяккхаран къовсам болуш кхайкхара х?индихошка британин фирмашна а, дешаран меттигашна а бойкот яре. Меттигера т?ег?анера бойкоташ (расийн хьесапашца дискриминаци ечу билгалчу кхолларашна дуьхьала) хилира коьрта къовсаман хьесап АЦШн х?у?аьржачеран гражданийн бакъонаш къовсарехь 1950-г?а а, 1960-г?а а шерашкахь.
Шуьйра йевза Олимпийн ловзаршна бойкоташ. Масала, АЦШ а, цхьа мог?а бартхоша а бойкот йира Москохахь хиллачу 1980 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршна советийн эскарш 1979 шарахь Овх?ан чудахарна. Цунна дуьхьала ССРС а, дукхаха йолу социалистийн мехкаша а бойкот йира Лос-Анджелесехь хиллачу 1984 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршна.
Уггаре яккхийчех бойкот йира ?аьрбийн мехкашкахь данин дааран сурсаташна 2006 шарахь, г?арадаьллачу карикатуран дов бахьнехь.
Хьажа кхин а
[б?аьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[б?аьра нисйан | нисйан]Литература
[б?аьра нисйан | нисйан]- Бойкотировать // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Friedman, M. Consumer Boycotts: Effecting Change through the Marketplace and the Media. London: Routledge, 1999.
- Hoffmann, S., Müller, S. Consumer Boycotts Due to Factory Relocation. Journal of Business Research, 2009, 62 (2), 239–247.
- Hoffmann, S. Anti-Consumption as a Means of Saving Jobs. European Journal of Marketing, 2011, 45 (11/12), 1702–1714.
- Glickman, Lawrence B. Buying Power: A History of Consumer Activism in America. University Of Chicago Press, 2009.
- Klein, J. G., Smith, N. C., John, A. Why we Boycott: Consumer Motivations for Boycott Participation. Journal of Marketing, 2004, 68 (3), 92–109.
Х?ара йаззам табарна бакъхьа ду?: |