车讯:外观小变化 宝骏560自动挡车型谍照曝光
Дегаорам | |||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
![]() Дегаорам, кхуьучу ораматан кеп. | |||||||||||||||||
?илманан классификаци | |||||||||||||||||
йуккъера рангаш
|
|||||||||||||||||
Дуьненайукъара ?илманан ц?е | |||||||||||||||||
Valeriana L. (1753) | |||||||||||||||||
Синонимаш | |||||||||||||||||
Номенклатуран тайпа | |||||||||||||||||
|
Дегаорам (лат. Valeriána), (оьрс. Валерьяна) — Берзан ц?азамаш (Caprifoliaceae) доьзалера, Дегаорамаш (Valerianoideae)[1] бухара доьзалан бецан ораматийн дукха шерийн тайпа, царна йукъайог?у ши б?е сов кеп. Латинан тайпан ц?е схьайаьлла лат. valere — могуш хила дашах. Иза дуьххьала хьахийна италин ботаникан Сильватико Маттеон жайнахь (1285—1342).
Уггаре йевза кеп — Дарбане дегаорам (Valeriana officinalis L.), шуьйра лелабо дарбане г?ирс санна.
Ботаникан сурт дийцар
[б?аьра нисйан | нисйан]Ораман бохалла 2—4 см, диаметр 2 см, дуккха а т?ийрагаш санна кегийра 20 см деха а, 1—4 мм диаметрехь а долу орамашца. Ораман шен тайпа хьожа ю.
Г?ад нийса лаьтта, хершнаш долуш, цилиндран, лакхарчу декъехь геннашца, локхалла 2 м гергга.
Г?аш дуьхь-дуьхьар, кепаца а, декъаран т?ег?анца а тайп-тайпана. Лахара г?аш дечиг т?ехь, лакхарнаш — т?ехевшина.
Зезагаш кегийра, хаза хьожа йог?уш, бос к?айчун т?иера таь?на-ровзанан т?екхаччалц, гулдина хьесийн кепара я кенан кепара зазане.
Х?у — сирла-боьра я мокха дахделла-х?оакепара к?ужалца болу буьртиг. 1000 буьртиган йозаллин барам 0,4—0,6 г.
Кхуьу майра августе кхаччалц, х?у кхуьу июлехь — сентябрехь.
Кхуьу меттигаш
[б?аьра нисйан | нисйан]Кхуьу Европехь, Азин йуккъерачу а, къилбаседа дакъошкахь, Къилбаседа а, Къилба а Америкехь. Россехь акхачу кепара кхуьу массанхьа а, Йисттера Къилбаседа а, Йуккъера Азин г?ум-аренийн к?ошташкахь доцург. Дегаорам кхуьу ломан басешкахь, хин бердашца, хи т?едолу а, уьшалаш долу а меттигашкахь, хьуьнан йистехь. Дукха хьолахь даккхий къухаш довлу, уьш леладо орамаш кечдеш.
Культиваци йо Российн йуккъерачу асанехь а, къилба к?ошташкахь а.
Биологин башхаллаш
[б?аьра нисйан | нисйан]Кхуьу майра август кхаччалц. Х?уш кхуьу июнехь — сентябрехь. Дарбанен дегаорам лаьтта шайна йукъахь морфолиган билгалонашца а, кхиаран меттигашца а къаьстачу масех бухарчу кепех а. Иза дика муьлххачу гуонахьарчу хьолехь, муьлххачу латтан т?ехь а, температуран хьолашкахь а кхуьу. Т?уналлаеза культура хиларе терра, дика кхуьу сов т?уьначу латташ т?ехь. Г?оле хета дайн механикин х?оттам болу ?аьржа латта, ткъа иштта структуран дайн сацкъар-г?ум а, г?ум-латта а. Дика кхуьу лакъийначу а, культивации йиначу торфан уьшалца.
Дебар а, агротехника а. Деба х?ушца. Д?адуьй чутаь?начу меттигехь гуьйренан ялташ хьаькначул т?аьхьа я яккъашца доьн ялташна т?аьхьа (кертахь т?уьночу меттиге юьй).
Латта кечдо самсадоккхий бухара ялта д?адаьккхича, 25- 27 см к?орга охана деш (байн-к?оран латтанаш т?ехь гумусан чкъоьра т?екхаччалц). б?аьста аренашна мекха доккхий культиваци йо. Коьрта охана далее кхаьлли юхку — 30-40 т/га, суперфосфат — 200—300 кг/га, азотан а, калийн а туьха — 150—200 кг/га х?ора а. Д?адиелие латта охьата?адо. Д?а ?аьн к?ела дуьй, я б?аьстенан юьххьехь а, аьхка а мог?нийн яккъаш 45-70 см шуьйра юьту. Х?у д?адеран барам (кг/га): ?аьн к?ела дуьйш — 9-10, б?аьста а, аьхка а — 7-8. Х?у дуьй 1-2 см к?орге.
Т?ехь банбеза болх: асар д?адаккхар, латта самсадаккхар, туьха а, кхаьлли а тохар, зуламен садолу х?уманашца а, цамгаршца а т?ом латтор. Алсама орамаш довлийтархьама шина шеран хаснаш т?ехь зезагаш ца довлуьйту.
Талхабо дегаораман мекхашхочо, можа деган н?аьно, кхоьшан мизано, х?аллакбо мекхалло а деман тхино а.
Ялта гулдар а, аьргалла ?алашъяр а. Дегаораман орамаш схьалахьабо сентябрехь — октябрехь д?абийначу шолг?ачу шарахь. Аьхкина орамаш латах ц?андо, г?аш д?адоху, дика дуьлу хица. Т?аккха ?индаг?ехь ?овдадолуьйту, дакъадо леррина дакъо йинчу чохь 40 °C температура сов ца йолуьйтуш. Цул т?аьхьа орамаш кепа туху, латтадо екъачу а, дика мох кхетачу а чохь. Гектар майдан т?иера 2,5 тонн орамаш довлу.
Дегаорам х?ун гулбо бийначул кхо шо т?аьхьа. Гектар т?иера 200 кг х?у гулдо.
Лелабар
[б?аьра нисйан | нисйан]Даарехь а, маларехь а лелабар
[б?аьра нисйан | нисйан]АЦШ дегаорам эссенцеш, ликёраш, настойкаш еш лелабо. Ароматизаторан меттана иза туху гаванан цигаьркан а, туркойн тонкан а.
Чам бийриг санна, дегаорам лелабо дукхаха дерг европин маьхкашкахь. Ингалсехь керла г?аш туху хастоьмийн берамах. Наггахь цунах кечбо ч?ерах дааршна берам-гарнир.
Дарбанан хьолаш
[б?аьра нисйан | нисйан]Дегаорам медицинехь седативан г?ирс санна лелабо. Дегаораман терапевтиин ?аткъам бихкина бу цунна чохь долу х?уманийн комплексех, уггаре хьалха эфиран даьттанах а, алкалоидех а. Орамашкахь эфиран даьттан барам 2 % кхочу. Даьттан коьрта дакъа: борнил-изовалерат, дегаораман мусталла, борнеол, камфен, α-пинен, лимонен, кхин а.
Дегаораман препараташ лелайо дукхах йолчу пачхьалкхашкахь сапарг?атдоккху г?ирс санна наб ярехь, нервийн карзахваларехь, дегапхенийн системан неврозан пхенаш т?ехабарехь, тахикардехь, ткъа иштта эпилепсехь, са лецар, мигренехь, Хьеран-йоьхьийн некъ т?ехабарехь, нейродермитан дарба дарехь. Наггахь дегаорам лелабо бром препараташца, деган, кхечу а г?ирсашца цхьаьна. Дегаорам йукъабог?у зеленинан т?адамашна, валокординан, кардиоваленан, кхечу комплексан препараташна, ткъа иштта дарбанан бецашна; эфиран даьтта ду коьртачех цхьа дакъа корвалолан (терачу препаратийн).
Дегаорам лелабо настойка, басар, чорпа, экстракт, х?ур кепара. Профессоран В. И. Ищенкон белхаш гайтина, дийна кегийра аьтта ораматийн аьргаллех дина молхан буьртигаш 2,5-за г?оле хилар, дегаораман ораман экстрактех дина молхан буьртигел[2].
Кепаш
[б?аьра нисйан | нисйан]The Plant List терахьийн базан хаамашца, тайпанан йукъайог?у 289 кеп[3]. Царех цхьайерш кхуьу Нохчийчохь, Российн мехкашкахь гергарчу мехкашкахь а:
- Valeriana amurensis P.Smirn. ex Kom. — Амуран дегаорам
- Valeriana dubia Bunge — Шеконан дегаорам
- Valeriana fedtschenkoi Coincy — Федченкон дегаорам
- Valeriana officinalis L. typus — Дарбанан дегаорам
- Valeriana rossica P.Smirn. — Оьрсийн дегаорам
- Valeriana simplicifolia Kabath — Дийна г?а долу дегаорам
- Valeriana sisymbriifolia Vahl — Гулявникан г?а долу дегаорам
- Valeriana tiliifolia Troitzk. — Хьехан г?а долу дегаорам
- Valeriana tuberosa L. — Орамстоьман дегаорам
- Valeriana wolgensis Kazak. — Ийдалан дегаорам
The Plant List терахьийн базан хаамашках Аянан дегаорам (Valeriana ajanensis Kom.) кепан билгала статус йац[4].
Билгалдахарш
[б?аьра нисйан | нисйан]- ↑ Валериана // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
- ↑ Хишова О. М., Ищенко В. И., Кугач В. В. Разработка состава и технологии таблеток корневищ с корнями валерианы . Достижения медицинской науки Беларуси. НИО РНМБ (1998). Т?екхочу дата: 2013 шеран 21 октябрь.
- ↑ Valeriana (инг.). The Plant List. Version 1.1. (2013). Т?екхочу дата: 2016 шеран 23 сентябрь.
- ↑ Valeriana ajanensis (инг.). The Plant List. Version 1.1. (2013). Т?екхочу дата: 2016 шеран 23 сентябрь.
Литература
[б?аьра нисйан | нисйан]- Герценштейн Г. М., Траншель В. А. Валериана // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907. Проверено 11 февраля 2009 г.
- Горбунов Ю. Н. Валерианы флоры России и сопредельных государств: Морфология, систематика, перспективы использования / Под ред. Б.Н. Головкина. — М.: Наука, 2002. — 207 с. — ISBN 5-02-006414-9.
Хьажоргаш
[б?аьра нисйан | нисйан]- Валериана // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978. (Хьаьжина 19 сентябрехь 2012)
Викидошамехь ?валериана? термин билгалаяккхар