印媒:中国银行业市值首超美国银行 成全球领导者
?аьрбийн мотт | |
---|---|
![]() | |
Шен ц?е | ?аьр. ????? ????????? |
Пачхьалкхаш |
Алжир, Бахьрайн, Мисар, Малхбузен Саьхьара, Урдан, ?иракъ, Йемен, Къат?ар, Кувейт,Ливан, Ливи, Марокко, ?аьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ, ?оман, Палестина, Са?удийн ?аьрбийчоь, Сири, Тунис, Мавритани, Судан — дукхахболу бахархой; Джибути, Сомали, Комораш, Иран, Мали — бахархойн доккха дакъа; Испани, Исраил, Кени, Нигер, Сенегал, Танзани, Туркойчоь, Чад, Эритрей, Къилба Судан, Азербайджан — к?еззиг йолу йа т?ех к?еззиг йолу бахархойн тобанаш |
Регионаш | ?аьрбийн пачхьалкхаш |
Официалан статус |
Кеп:Байракх/Алжир Алжир |
Нисдеш организаци |
Мароккон Паччахьан Академи (Марокко),
|
Мотт буьйцурш | 260 - 323 млн. |
Рейтинг | 2 |
Статус | кхерамзаллехь[1] |
Классификаци | |
Категори: | Евразин мотт |
Афразийская макросемья
|
|
Йоза | ?аьрбийн йоза |
Меттанийн кодаш | |
ГОСТ 7.75–97 | ара 050 |
ISO 639-1 | ar |
ISO 639-2 | ara |
ISO 639-3 | ara |
Ethnologue | ara |
Linguasphere | 12-AAC |
ABS ASCL | 4202 |
IETF | ar |
Glottolog | arab1395 |
![]() |
?аьрбийн мотт (????????? ????????????? ДАА: ?; ????????? ДАА: ?) — иза уггар баьржина самхойн мотт а, дуьненахь уггаре а даьржинчу меттанех цхьаъ а бу. Иза буьйцуш 467 миллион сов адам ду. И мотт буьйцурш дерриг ?аьрбийн ?аламехь баьржина бу, иштта кхин а дуккха а луларчу регионашкахь а, масала, Ахвазехь а, Туркойчохь а, Чадехь а, Малихь а, Сенегалехь а, Эритрехь а, Эфиопехь а, Къилба Суданехь а, Иранехь а. Цу кепара, ?аьрбийн мотт дуьненахь уггаре а даьржинчу меттанийн терахье хьаьжжина йоьалг?а йа пхоьалг?а меттиг д?алоцуш бу, ткъа иза официалан мотт санна къобалбеш йолчу пачхьалкхийн терахье хьаьжжина кхоалг?а меттиг д?алоцуш а бу. Иза 27 пачхьалкхо официалан мотт санна къобалбина бу, ткъа интернет чохь пайдаэцархойн дукхалле хьаьжжина иза боьалг?а мотт бу. ?аьрбийн мотт бусалбачарна гергахь инзаре доккха маь?на долуш бу, х?унда аьлча иза Къуръанан мотт болу дела царна гергахь беза мотт бу, иза ламазан мотт а бу, исламан дуккха а ?ибадаташ а, г?иллакхаш а кхочушдарехь коьрта а бу. ?аьрбийн меттан меттиг хьалайаьлла пачхьалкхашна йукъахь ислам дин даьржинчул т?аьхьа, х?унда аьлча иза хилира бусалбачара урхалла дечу мехкашкахь дуккха а б?ешерашкахь политикин а, ?илманан а, литературин а мотт. ?аьрбийн матто ма-дарра а, лач а ?аткъам бо исламан ?аламан дуккха а кхечу меттанашна, масала, туркойн а, г?ажарийн а, амазигийн а, курдийн а, урду а, малайзин а, индонезин а, албанхойн а, цхьадолчу кхин африкин меттанашна а, масала, хауса а, суахили а, тигринийн а, амхарийн а, сомалин меттанашна а, цхьадолчу Европан меттанашна а, къаьсттина дуьненайукъарчу х?ордан меттанашна а, масала, испанхойн а, португалхойн а, мальтинийн а, сицилин меттанашна а.
Йоза Iаьрбийн абатан бух т?ехь ду. ВКЪКХ Инарлин ассамблейн а, Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламан (ВКЪКХ) кхечу меженийн а йалханнах официалан а, белхан а цхьаъ мотт бу. Йерриг ?аьрбийн пачхьалкхийн (Iиракъехь — кхурдойчуьнца цхьаьна) официалан мотт бу. Цул сов, официалан цхьа мотт бу Исраилан, Чадан, Эритрейн, Джибутин, Сомалилендан[2], Сомалин, Коморийн Г?айренийн.
Меттан геннаш
[б?аьра нисйан | нисйан]Таханлера буьцу ?аьрбийн мотт бекъало 5 тобан меттан геннашна, лингвистика аг?ора хьаьжчи къаьстина меттанаш ду уьш:
- МагIрибан тобан меттан геннаш
- Мисран-суданан ?аьрбийн мотт
- Шеман-месопотамийн ?аьрбийн мотт
- ?аьрбийн ахг?айренан тобан меттан геннаш
- Йуккъераазин тобан меттан геннаш
Маг?рибан мотт йукъабоьду малхбузан тобан, диснарш — малхбален тобан ?аьрбийн меттанашна а, меттан геннашна а. (Хьажа Бала ?мотт йа меттан га?); Г?оле хуьлу ?аьрбийн мотт ?амочу ?илманехь лелош долу термин ?меттан га? (?аьр. ??????) леладар.
Литературин мотт (малхбузан Iаьрбийн меттан Iилманехь лелайо термин инг. Modern Standard Arabic — х?инцалера стандартан ?аьрбийн мотт[3]) — цхьаъ бу. Литературин матто х?инцалерачу дуьненахь а, ?илманехь а дукхах долу х?уманийн дошаман т?аьхьало цхьаьнатуху, амма оццу хенахь цхьацца ?аьрбийн пачхьалкхашкахь ч?ог?а к?езиг лелабо къамелехь.
?аьрбийн меттан геннашна тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь ч?ог?а къастало вовшех, цкъацц?а буьйцурш а ца кхеташ.
Фильмаш, телевидени, газеташ, кхин йерш а дукхах дерг х?ора ?аьрбийн пачхьалкхехь ?аьрбийн литературин маттахь йу.
Ислам, хьалхарчу рог?ехь, Къуръан, хилира цхьанатуху фактор йукъара литературин мотт кхиарехь. Мальтийн меттан масаллийца хаалур йу мотт кхиарехь йолу исламан роль. Мальтехь, керсталла долчехь маг?рибан меттан кепах кхиина ша болу мальтийн мотт.
?Къуръан доьссина эзар сов шо доллушехь таханлера дешана ?аьрбаша, ц?ахь шайн меттан кепаш а лелош, йукъараллин дахарехь литературин мотт буьйцу, грамматика атта а йеш, дошам карла а йоккхуш. Къуръан санна дика литературин меттан масала ду, исламал хьалхара поэзин классикан мотт а, бедуинийн мотт а?[4].
Семитийн меттан тобанера ?аьрбийн меттан меттиг
[б?аьра нисйан | нисйан]Классикан ?аьрбийн мотт к?езиг къаьста шира ?аьрбийн маттах. Дукхах долу семитийн меттанийн орамаш ду ?аьрбийн маттахь. Семитологехь хьалха классикан ?аьрбийн мотт уггаре ширачех семитийн меттанех лара тенденци хилла. Амма хан мел йолу, афроазин меттанашца дустарца, хиира, дуккха а классикан ?аьрбийн маттахь иштта шира а ца хиллий.
Истори
[б?аьра нисйан | нисйан]Б?ешерашкахь мотт т?ехь-т?ехьа хийцало, амма иза йозанехь к?езиг хаалора, х?унда аьлча доца мукъа аьзнаш, Къуръан доцучехь, текстехь йаз а ца до.
Классикан ?аьрбийн мотт тахана ненан мотт бац Iаьрбийн. Амма тахана а, хийцина дошаман х?оттамца, иза лелабо дерриг аьлчи санна газеташкахь а, жайнашкахь а, Тунис, Марокко, к?еззиг Алжир а д?айаьккхичхьана, цигахь ?аьрбийн меттан литературин меттан роль лелайо французийн матто. ?илманан а, техникин а литературехь кхечу ?аьрбийн пачхьалкхашкахь, нагахь ца тоахь дешан ресурс лелабо ингалсан мотт.
Дошаман х?оттам
[б?аьра нисйан | нисйан]Х?инцалерачу ?аьрбийн литературин меттан дошаман х?оттаман амалехь ду, цуьнан коьрта дакъа деккъа ?аьрбийн хилар. ??аьрбаша лакхара мах хадабо шайн меттан дош кхолларан таронан, го бохалла а, нийсалла а дош кхолларан парадигмийн закъалт хилла долу ?аьрбийн литературин мотт таханлерачу йукъараллин хьоле нисбарехь. Цу т?е билгалдаккха деза, таханлерачу номинацин процессашкахь уггаре жигара хилар жамI дина моделаш. Иштта, т?аьхьарчу хенахь ?аьрбийн литературин меттан дошам хаъал йуьзина ??-? суффикс т?е а тухуш т?екхоьллина ц?ераш бахьнехь, цуо кхуллу дериватан мог?а жамI даьккхина маь?на долу хьолашца: ?????????? лаамалла; ?????? динамизм, динамика; ??????? максимализм; тоталитаризм; ????????? — новкъарло?[5]. Дошаман х?оттаман цхьадолу дакъа йукъарасемитийн ду, к?еззиг дерг — кхечу меттанашкара ду, масала, дешнаш: ?телевидени? — ?????????, ??????? докторан дарж, ??????? секретарь, ????? фильм. Дерриг схьаэцна европин меттанашкара дешнаш дукха дац, цхьаъ процент гергга бен дац[6].
?аьрбийн литературин меттан билгалдоккху диъ доккха вокабуляр кхиаран синхронан дакъа: исламал хьалхара йукъараллин-тайпанийн дошам (VII б?ешо чекхдолуш VIII долалуш); дошам шорйалар, йуккъера б?ешерийн ?аьрбийн цивилизаци кхоллайалар а, кхиар а, къагар а бахьнехь (XII б?ешо кхаччалц); киар сацаран мур а, ?аьрбийн литературин мотт лелабаран диапазон лаг?йалар а бахьнехь (XIII—XVIII б?ешераш), керла мур болабалар а (XIX б?ешеран йукъ)[7].
Шуьйра кхиина ?аьрбийн маттахь синоними а, дешнийн чолхаллаш, омоними а. Дош кхолларан коьрта кепаш йу: морфологин — дош кхолларан моделашца а, формулашца а, синтаксин, семантин.
Дошаман кхане ч?ог?а йоккха хиларе ца хьоьжуш, дукха хьолахь иза доза тоьхна бац, меттан селханеца т?ех буьзна а бу. Масала дац дош, нийсса дог?уш дешца къам. Оцу дешан метана леладо дош (????, уммат), билгалйоккхуш хилла долу хьалха, динан контекстехь а, х?инца ?бусалбачеран йукъаралла?. Дош ?къомалла? (??????, каумиййа), схьадаьлла йуьхьанцера кхерсташ лела ?аьрбийн дошаман йукъара къаум, цуо билгалдоккху ?тайпа? дош ?кхерсташ лела тайпа?.
Иштта кепара иэло цхьаьна дешехь ч?ог?а шира а, ч?ог?а керла а концепцеш, к?еззиг а хьакхалуш доцу дешнех дешнаш а хуьлуш.
Арамейн маттара а, желтойн маттара а, кхин дуккха а керла терминаш ингалсан маттара схьаэцна ?аьрбаша.
Фонетика
[б?аьра нисйан | нисйан]Фонетикан аг?ора литературин ?аьрбийн мотт шуьйра кхиина мукъаза фонемийн системан амал йолуш бу, шен башхалла йолуш къомкъаргийн, эмфатикан, цергаш йукъара элпаш а долуш.
Грамматикийн белхашкара фонетикан дакъошкахь дуьцура йа деккъа ?аьрбийн аьзнийн артикуляцех, йа кхин а церан комбинаторан хийцамех. Боккха ?аткъам бина ?арбашна х?индин системан аьзнийн классификацеш. Лелайора артикуляран а, функционалан а йукъаметтигийн аьзнаш дустар. Аьзнаш йукъара йукъаметтигаш нисйархьама Авиценнас корреляцин кхетам йукъабаьккхина. Геминацин меттигийн квалификаци йора прогрессиван а, регрессиван а контактийн ассимиляцин дуьззина жамI санна. Гойтура дакъошца а, дистанцица а йолу ассимиляци.
Теллира мукъа а, мукъаза а аьзнийн йукъаметтигаш, мукъаза дерш хийцар, метатеза, хьамза дар, элизи, дехкаран мукъаза аз кхолладалар, палатализаци, веляризаци, озан символизм[8].
Элпаш алар
[б?аьра нисйан | нисйан]Дукхах долчу ?аьрбийн мехкашкахь х?инца боккха болхбо стандартан ?аьрбийн меттаца алар нисдан г?ерташ. Бух бу Къуръан дешар (?ар. tilāwa ??????). Иштта аларан хат? динан контекстехь бен ца леладо.
Бакъ долуш ала мегар ду, лакхара?аьрбийн хьалхалера алар билггала хууш дац. Масала, цхьа барт бац билгалза ц?ердешнашкахь чеккхе ун аларх (китабун — китаб). Шинне а вариантан аргументаш йу, ткъа ширачу куьйга йаздинчу зорбанехь ца хилла мукъа аьзнаш (хьаьркаш тохар), цундела шеек а воцуш ала йиш йац иза муха доьшура.
Йоза
[б?аьра нисйан | нисйан]?аьрбийн йоза йаздо аьтту аг?онера аьрру аг?орахьа. Кхин т?е, ?аьрбийн йозанехь кхечу абаташкахь санна (латина, кириллица), даккхий элпаш дац, цундела долара цIераш а, преложенин хьалхара дош а кхин муьлхха дош санна йаздо.
Хьаьркаш дохку хьовзийна кепара, аьрру аг?онера аьтту аг?орхьа.
Буха сиз хьакхаран йа курсиван меттигана ?аьрбаша лелабо т?ехула хьокху сиз. Дош мог?ан дехьадаккхар ца магадо; мог?анера йесалла д?айоккхуш элпаш озадой дахдо. Сиха йаздарехь мог?ана йукъа ца хоьъна дош хьаладерзадо[9].
Антропонимика
[б?аьра нисйан | нисйан]?аьрбийн ц?ераш ламастаца нийса д?айаздо.
Грамматика
[б?аьра нисйан | нисйан]?аьрбийн меттан Сводешан исписка | ||
№ | ?аьрбийн | Нохчийн |
---|---|---|
1 | ??? | со |
2 | ??? | хьо |
3 | ?? | иза |
4 | ??? | тхо |
5 | ???? | шу |
6 | ?? | уьш |
7 | ??? | х?ара, иза |
8 | ??? | хьуьллар |
9 | ??? | кхузахь |
10 | ???? | д?огахь |
11 | ?? | мила |
12 | ?? | х?ун |
13 | ??? | мичхьа |
14 | ??? | маца |
15 | ??? | муха |
16 | ??,?? | ца |
17 | ?? | йерриг, дерриг |
18 | ???? | дуккха а |
19 | ??? | масех |
20 | ???? | к?еззиг (масала ??? ???? — к?еззиг хьалха) |
21 | ??? | кхин |
22 | ???? | цхьаъ |
23 | ????? | шиъ |
24 | ????? | кхоъ |
25 | ????? | диъ |
26 | ???? | пхиъ |
27 | ????,???? | доккха, воккха, йоккха |
28 | ???? | деха, веха, йеха, лекха |
29 | ????, ???? | шуьйра |
30 | ???? | стомма |
31 | ???? | деза, йеза, веза |
32 | ???? | жима |
33 | ???? | доца, воца, йоца, лоха |
34 | ??? | готта |
35 | ???? | дуткъа, йуткъа, вуткъа |
36 | ????? | зуда |
37 | ??? | стаг |
38 | ???, ????? | адам |
39 | ??? | бер |
40 | ???? | зуда |
41 | ??? | майра |
42 | ??,????? | нана |
43 | ????, ?? | да |
44 | ????? | экха, дийнат, хьайба |
45 | ??? | ч?ара |
46 | ???? | олхазар |
47 | ??? | ж?аьла |
48 | ???? | миза |
49 | ????? | лаьхьа |
50 | ???? | н?аьна |
51 | ???? | дитт |
52 | ???? | хьун |
53 | ??? | г?аж, сара |
54 | ????? | стом |
55 | ???? | х?у, х?уш |
56 | ??? | г?а |
57 | ??? | орам |
58 | ???? | чкъор |
59 | ???? | зезаг |
60 | ??? | буц |
61 | ??? | муш |
62 | ??? | ц?уока |
63 | ??? | жижиг |
64 | ??, ???? | ц?ий |
65 | ??? | даь?ахк |
66 | ??? | мохь |
67 | ???? | х?оа |
68 | ??? | ма?а |
69 | ??? | ц?ога |
70 | ??? | мас (йаздаран г?ирс) |
71 | ??? | месаш |
72 | ??? | корта |
73 | ????? | лерг |
74 | ??? | б?аьрг |
75 | ??? | мара |
76 | ?? | бат |
77 | ?? | церг |
78 | ??? | мотт |
79 | ????? | м?ар |
80 | ??? | к?ажа |
81 | ??? | ког |
82 | ???? | гола |
83 | ?? | куьг |
84 | ???? | т?ам |
85 | ???? | гай |
86 | ?? ?????? | чоьраш |
87 | ??? | лаг |
88 | ??? | букъ |
89 | ??? | накха |
90 | ??? | дог |
91 | ??? | до?ах |
92 | ??? | малар |
93 | ??? | йаар, даар, ваар |
94 | ?? | катохар |
95 | ?? | ц?убдар |
96 | ??? | туьй кхоссар |
97 | ???? | ?аьттавар, ?аьттайар, ?аьттадар |
98 | ??? | етта, детта |
99 | ???? | сада?ар |
100 | ??? | велар |
?аьрбийн ?илманчаша йоькъура грамматика синтаксисна, морфологина, фонетикна, дуккха а терго йора дошкхолларан, цунах доьзна этимологина а. Иза бахьнехь XI б?ешарахь лакхарчу т?ег?ане кхечира ораман теори. Синтаксис а, морфологи а уггаре оригиналан дакъа ду ?аьрбийн грамматикехь, цуьнан хьост дац йа желтойн, йа х?индин белхашкахь, уьш нисса ?аьрбийн маттахь специфика йолуш ду.
Синтаксисан ?алашо йу предложенин структуран-семантикан анализ йар. Цуьнца постулат хилла йу шина ц?еран йа ц?еран а, хандешан а субъектан-предикатан йукъаметтигаш. Предложенеш йекъалора кегийра/элементаран а, иерархи йеш йаккхийра а; предложенеш ц?еран, хандешан, латтаман — доьзна ду предложении йолалуш долчу дашах. Къаста а дой, х?ора меженца классификаци йора предложенин чолхе дакъошна.
Морфологехь ?амадора меттан дакъош, церан башхаллаш, уьш кхолладаларан кепаш. Оцу йукъа даг?ара иштта хаттарш: меттан дакъош (ц?е, хандош, дакъолгаш 27 кепара), ораман структура, ц?ераш а, церан дуккха а аспекташ йолу тайп-тайпана хьолашкара классификаци, хандешнаш а, шинадожаран а, кхаадожаран а ц?ераш, кхечух йаьлла ц?ераш кхоллар, композиташ кхоллар, терахьан а, тайпан а кепаш кхоллар, деминутиваш кхоллар, дешан кеп хийцар, нагахь орамехь г?ийла мукъаза аьзнаш делахь, сацаман кепаш, кхин д?а а. Кхуззахь дийцара масдарех дериг а.
Баккхий кхиамаш бехира фонетикехь (Халиль ибн Ахьмад; Абу ?али ибн Сина — Авиценна, 980—1037; Сибавейхи)[8].
?аьрбийн мотт ч?ог?а кхиина флективаллан амал йолуш бу. Семитийн а, х?индоевропин а меттанийн флективалла а, флективалла тера хилар а цхьаболчу меттан талламхоша доккхачу хаттаре х?оттийна. Х?индоевропин меттанийн флективалла къаьстина хилам бу семитийн меттанийн флективаллах, х?унда аьлчи таро йу кхин а ч?ог?а йукъаметтиг латто ораман флексица. ?аьрбийн меттана амалехь йу агглютинаци. Цхьаболчу ?илманчаша, масала, А. А. Реформатскийс, лору, семитийн меттанийн фузи — агглютинацин башха кеп хилар, х?унда аьлчи семитийн дешан фузи — шен луьра формулашца йоьду процесс йу, иза ?аьрбийн авторшна хазахета гойтуш кхоъ элп долу орамца ??? дар маь?на долуш, ткъа шеш фузи кхуллу мукъа аьзнаш, орамах мукъа ду. Цунах тера, амма иштта дац, семитийн боцу меттанашкахь а хаало, масала, германийн. Иштта ду, масала, дешнаш цхьааллин а, дукхаллин а терахьашкахь ингалсан маттахь: foot — feet, tooth — teeth йа ингалсан харц хандешан ораман мукъа аз хийцар йа немцойн маттара онда хандешан мукъа аз хийцар, амма германийн меттанашкахь дац гуттаренна а фузин формулаш лелайар. ?аьрбийн меттара дукхаха долу дешнаш дуьххьарлерачу кепан т?едалало.
Мотт буьйцучун хьекъале орам бекъа ца лахь а, орамаш бовзар пайдехь ду ?аьрбийн меттана оццул шуьйра делла дешан орамаш дагахь латтийта.
Дешан орам
[б?аьра нисйан | нисйан]?аьрбийн орам дукхахдерг кхаа элпан хуьлу, наггахь шиъ йа диъ элп долуш, кхин а к?езга пхиъ элп долуш; амма диъ элп долчунна бехкам х?оттабо, цунна йукъахь цхьаъ мукъане шера мукъа аз хила деза аьлла (vox memoriae (дагахь лаьттарг): ???? ????????).
Г?араваьлла волу ?аьрбийн меттан говзанчо С. С. Майзелас дийцарехь, таханлерачу ?аьрбийн литературин маттахь кхаа мукъаза элпех лаьтта орамаш 82 % дерриг а ?аьрбийн дешан орамашлахь[10].
Орам йукъахь муьлхха а мукъаза аз хила йиш йац: цхьадерш царех дог?уш ду оццу орамехь (нийсо аьлчи, оцу декъехь; хьажа лахуо: б), кхиндерш ца дог?у.
Ца дог?урш:
?аьрбийн ораман оцу х?оттамо дикка аттайо т?адамаш а доцуш йоьшучуьнан ?алашо; масала, йаздар ????? хила деза ????????[11]
Дешнийн кепкхоллайалар хуьлу коьртаниг дешан чоьхьара структуран хийцаман чоьтах — чоьхьара флекси. ?аьрбийн орам лаьтта, дукха хьолахь, кхаа (наггахь шиъ йа диъ, гуттара а к?езга пхиъ) ораман мукъаза аьзнех (радикалех), цара трансфиксийн г?оьнца кхуллу оцу ораман йерриг парадигма. Масала, хандешах ??????? (йаздан) ?К-Т-Б? мукъаза элпаш лелош кхоллало лахара дешнаш а кепаш а:
- ??????? — КаТаБа — цуо йаздина
- ????????? — аКТуБу — аса йаздо
- ???????? — КиТа: Бун- жайна
- ??????? — КуТуБун — жайнаш
- ???????? — Ка: ТиБун — йаздархо
- ????????? — КуТТа: Бун — йаздархой
- ??????????? — маКТаБатун — библиотека
?аьрбийн маттахь кхоъ дожар ду: ц?ерниг (подлежащи дожар а, ц?еран предикатив а), доланиг (урхаллин преложни дожар) и винительни (нисса дузу дожар). Доланиг дожарца кепа туху уьйр йоцу бакъо — идIофа.
Терго йан йеза, дожараш гочдар ?????????, ??????? а, ????????? билламе ду, х?унда аьлчи ?аьрбийн меттан доланиг а, винительни а дожарш йукъайалайо, гочйича муьлххачу йисинчу дожаршкахь хирйолу ц?ераш:
?????? ?????? ?????????? ????????????? — ??????? Зейда хадийна муш уьрсаца (коьчалниг дожар).
???????????? ???? ????????????? — ??????? Оха дешарах лаьцна дуьйцура (предложни дожар).
???? ??????????? — ??????? Ала Мухьаммаде (лург дожар).
??????? ?????????? ??????????????????? — ?????????? Халкъо къовсам латтабора колонизаторца (коьчалниг дожар).
Терахь | 0 | 1 | 2 | 3 | 4 | 5 | 6 | 7 | 8 | 9 |
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | |
? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? | ? |
Билгалдахарш
[б?аьра нисйан | нисйан]- ↑ Красная книга языков ЮНЕСКО
- ↑ Республика Сомалиленд является непризнанным государством, территорию которого все государства мира считают частью Сомали.
- ↑ Арабский язык — йаззам бу энциклопедии ?Кругосвет?
- ↑ Юшманов Н. В. Грамматика литературного арабского языка, стр. 23
- ↑ См.: Финкельберг Н. Д. Арабский язык. Курс теории перевода. М., 2004. С. 28.
- ↑ Белкин В. М. Арабская лексикология. М., 1975. С. 115.
- ↑ См.: Белкин В. М. Арабская лексикология. М., 1975. С. 37 и далее.
- ↑ 1 2 Иван Павлович Сусов. История языкознания
- ↑ Юшманов Н. В. Грамматика литературного арабского языка, стр. 26
- ↑ Майзель С. С. Пути развития корневого фонда семитских языков. М., 1983. С. 78.
- ↑ Юшманов Н. В. Грамматика литературного арабского языка, стр. 41
Литература
[б?аьра нисйан | нисйан]- Арабский язык и арабская литература // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Густерин П. В. Арабский язык в современном мире / О значении арабского языка Архивйина 2025-08-06 — Wayback Machine
- Густерин П. В. Использование информационно-аналитических телепрограмм в изучении арабского языка (Методические рекомендации) Архивйина 2025-08-06 — Wayback Machine
Хьажоргаш
[б?аьра нисйан | нисйан]- Ar-Ru.ru — электронный арабско-русский словарь
- Umkin.ru — перевод на арабский, русско-арабский словарь
- Madaris.ru — сайт для мусульман, изучающих арабский язык, бесплатные видео-уроки
- Arabic.ru Архивйина 2025-08-06 — Wayback Machine — арабский язык и арабский мир
- Arabi.ru — форум любителей арабского языка и культуры
- Arabic-Keyboard.org — арабская клавиатура
- Learn Colloquial Gulf Arabic Language — начальный курс арабского диалекта Персидского Залива (ингалс.)
- LookLex / Course / Arabic(Т?е цакхочу хьажорг) — курс арабского языка (ингалс.)
- ?аьрбийн Википеди
Х?ара йаззам табарна бакъхьа ду?: |